ЗИЙНИН КIАНТ РАМЗАН.
(Берашна дийцар)
Тхайн нана Зийна дагалацарца, вежаршна Рамзанина а, Ражапина а.
– Рамзан! Схьавоьл чу, хьо оьшу нанина. Сиха лелалахь, хьо дукха вахарг, – чу кхайкхира Зийнас шен 4 шо хир долуш волу жима к1ант, лохачу поппар хьаьхна динчу ц1енна жимчу не1арах ара а хьожуш, малхана дуьхьала куьйг а лоцуш.
– Ца лаьа суна. Суна арахь ловза лаьа! – реза вацара жима к1ант, х1инцца сийна буц хьалаг1оьртина, малхо серла яьккхинчу жимчу уьйт1ара чу ван.
1уьйре жимма т1ехиккхина хан яра, малх айбеллера, хьозарчийн эшарша екайора аре, г1а тохаделлачу диттийн гаьннашкахь ловзуш.
Ц1ера арадохуш х1окхеран дех Хьуьсенах дисинчу лаьттан декъа т1ехь дуьйцина, поппар хьаькхина лоха, жима, шен куьйга дина ц1а дара Зийнин. Ц1адаьхкича а баланах ца долура нохчийн адамаш. Дег1астана куьйга к1ела дисинчу нохчийн латтанашна т1ехь йолу нохчийн ярташ, г1ишлош нохчашна юха схьаяла реза бацара суьйлий. Маь1-маь11ехь мах луш лаьцначу чоьннашкахь 1аш амал а дайна, шен дех йисинчу кертахь Мартант1ехь шен шина жимчу к1енташца д1атаръеллера жима зуда, цхьана ханна майрачух а къаьстина. Рамзан воккхаха волу к1ант вара, жимах волу к1ант Ражап аганан хан йолуш вара. Ражап аганан чохь хьарчавой, цунна ха дан Рамзан а х1оттавой, уьйт1ахь, кертахь г1уллакхаш дан дезаш хуьлура жимчу зудчуьна. Б1аьстенан юьххьехь д1айийна т1еяьлла х1ума мехала хуьлура, къелла ловш йолчу х1усамна. Зийна, шайолу нохчийн зуда санна, жима йо1 йолуш дуьйна къахьега 1емина яра. Кхуьнан йоккхачу кертахь д1адийна т1едолуш дукха х1ума дара: хох, саьрамсекх, наьрс, хорсам, картолаг. Доцца дийцича, ша а, шен бераш а 1анера даха а, совъяьлларг д1айохка а х1ума хуьлура. Ц1ера арадаьхначу кхойтта шарахь шело, мацалла ловш леллачу нахана, х1орш шайн ц1абирзича а, ц1ахь бан болх а, чохь 1ан ц1а а дацара. Амма мел хала делахь а, х1инца-м шайн ц1ахь бара х1орш, шайн дай эзар шарахь баьхначу махкахь, лаьттахь.
– Рамзан, дукхавахарг, хьо нанина г1о дан ца ваг1ахь, нана кертахь г1уллакх дан кхуьура яц. Т1аккха вайна яа х1ума хир яц. Схьавоьл кхуз, хьайн жимчу вешига хьажа веза хьо, – к1ант 1еха ван г1ертара Зийна.
Рамзан-м вацара нанас дуьйцучуьнга ладуг1учохь: стенгара баьллехь а, карабеъначу жимчу сарагца дуьххьара сийначу байтехь схьакъаьрзинчу можачу Баьппа-зезагца хазалла къовсуш болу можа полла уьйт1е ма-ю лаьллина лелаш вара к1ант-м.
– Ой! Схьавола ца боху аса хьоьга! Со оьг1аза ма яхийта! – собар кхачадалар хоийтура нанас.
– Хи-и, хи-хи! – бохуш воьлуш поллана т1аьхьа уьдура жима к1ант, нанас дуьйцург цхьа лерг ухьуш, ша сема велахь а.
Ша цхьаъ шен к1антий кхобуш йоллучу жимчу зудчо наггахь, собар а кхачадой, х1инца к1ентан карахь бериг санна, буткъа сара узура к1ентан настарех. Жима хан юкъаялале юха ша а 1ара нана даккхийра б1аьрхиш а эгадеш.
Жимчу дег1ахь яра жима зуда, ц1ера арадаьхначохь мацалла а, хало а лайна хилар дара цуьнан бахьана. Х1окхеран дех йисначу кертахь, даьтта санна хьеначу латта т1ехь-м д1айийна х1ума хьекъана т1ейолура. Ша жима йо1 йолуш лайна мацалла дага а оьхуш, хьанала къахьоьгура Зийнас х1инца шен кертахь: хьаьжк1а, кхоь, ц1азам – ца лелош х1ума яцара цо.
Жимма воккхахилча, накъост хир вара нанна жима к1ант Рамазан, амма х1инца а дукха жима вара и нанна улло а х1оьттина г1одан. Делахь а нанас бохург а ца дина, ша и елха йича, шен настарех кхетта сараг а бицлой, цунна улло а воьдий, цуьнан пхьарс шен кегийрачу беран куьйгашца мара а къуьйлуш т1етебий 1ара.
Ц1аьххьана ловзаваьллачу к1анта лестош болу сараг кхийтира поллана, хьаьвзина жима можа кема санна т1ек1ела а буьйлуш, можачу Баппа-зезагна улло буьйжира и.
– Э-х1ей! – экха дожийначу иччархочун ц1ог1 хьоькхуш чухьаьдира жима к1ант бацалахь лазоро къиза хьовзийначу поллана.
«Экха» метта а деъна т1ома а даьлла шех дедда к1елхьара даларна кхеравелла «жима иччархо», айдинчура шен «герз-сараг» охьа ца дохийтуш, кхин а эшахь т1етоха кийча волуш теббина улло вахара поллана. Чевно лозийна ницкъа эшна делахь а, шена чов йина мостаг1 улло веъча цунах кхерабелла делахь а, полла тебаш д1атийра. Шена «экхано» дьухьалло йийра ю моьттина т1емлочун дог-ойла йолуш т1евеъна жима к1ант цецволуш соцунг1а а хилла висира. Буйнахь айбина лаьтта сараг, буй бостуш, охьабахара, улло бацала охьабуьйжира. Шен буткъа ц1ег1а басахь болу беран п1елг бахбина-а улло бехьира, меттах ца болуш 1уьллучу поллана, п1елг меллаша д1ахьакхабалийтира. К1ентан п1елго жимма д1ахилор доцург, полла меттах ца хьовра. К1ант д1а-схьа хьаьжира, нене аг1ора вирзира, г1одоьхуш санна. Полла меллаша, лозорна кхоьруш санна, караийцира, керан юккъехь д1анисбира, чубожарна кхоьруш. Х1инца бацара можа полла маьлхан з1аьнарш ловзош, баьццара буц, сийна стигал, к1айн мархаш санна, х1аваэхь т1емаш даржийна хьийзаш санна хаза. Жима к1ант ца кхетара х1ун хилла, амма ша динарг вон дуйла тусаделлера цунна. Малх мархашна т1ехьа баьлла д1алечкъара ц1аьххьана. Велха дог дог1ура Рамзанан, стенна делахь а! Зийна а лаьттара, шен к1антана даьтт1а дог а дицдина, 1адийча санна.
– Нан-н… Суна чуван лаьа… Хьажахь…, – шен карахь 1уьллу полла нене схьауьйхьира жимчу к1анта.
Нана йоьхна лаьтташ гича, вуьйхира к1ант а. Велха лиира цунна ч1ог1а, жимма батт а озийра цо, амма ца велхавалора. Ненан б1аьргах хин т1адам хьаьдира, бесне т1ехула лара а юьтуш.